Нохчийн Республикин шатлакхан илли

From Wikisource
Jump to navigation Jump to search

Дешнийн автор: Хож-Ахьмад Кадыров
Композитор: Ӏумар Бексултанов

Текст

Харцоно цӏе тесна хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь ца йоьжна, гӏаьттина яха.
Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.

Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат!
Хьо йоцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.
Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь,
Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.

Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.
Органа тулгӏено ненан мотт буьйцу.
Исбаьхьа совгӏат хьо, азаллехь делла!
Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!

Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,
Хьалкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.
Машаран гӏаролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!


(Multilingual page with translations, transliterations, IPA transcription: Shatlak's Song)